Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІахІиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кІелхьардахар гур ду шуна. ХІинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тІехьа хІоьттира, тІаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бІогІам а нахана тІехьа хІоьттира. Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хІоьттира марханийн бІогІам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дІаяллалц тІеттІа ца бахара уьш. Мусас шен куьг хІорда тІехула лаьцча, Іуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хІаллакбира уьш. Шен метте юхадеанчу хино гІудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тІаьхьадаьллачу пирІунан эскарх цхьа а дийна ца висира.
Выбор основного перевода