Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхІува йолчу цІарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгІаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а, „Веза Эла атта оьгІаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгІачу а, йоьалгІачу а тІаьхьенна тІекхаччалц – таІзар до Везачу Эло“. Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра». Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас. «Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тІе баланаш. Ахьабан кІант вехачу заманахь цуьнан цІенна тІе балор бу Аса и баланаш». Хьуна къера хила царна ца лиира. Ахьа шайн дуьхьа мел дина тамашийна гІуллакхаш царна дицделлера. Шайн куралла бахьана долуш, хьаькам хаьржира цара, шайн лоллехь хиллачу метте уьш юхаберзорхьама. Амма нахана гечдо Дела ма ву Хьо! Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а ву. Ахь уьш дІа ца тесна, Амма, Хьалдолу Эла, Хьо дика а, къинхетаме а, атта оьгІаз ца воьдуш а, тешаме а, боккха безам болуш а ву. Сайн цІе бахьана долуш, Ас юхайоккху Сайн оьгІазалла. Суна болу хастам бахьана долуш, хьо хІаллак ца ван Со сецаво Ас.
Выбор основного перевода