Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со Хьариб цІе йолчу меттехь цхьана тарх тІе хьуна хьалха дІахІуттур ву. Ахь тархах Іаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тІаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гІуллакх кхочушдира Мусас. Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. Цо тарх йоьккъушехь, хи схьахецаделира, татолаш а хилла, иза яьссачу аренгахула дІадахара. Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дІадуьгучу хенахь, наха хьогаллина бала ца лайна. Дала тархах хи даьккхина царна. Цо тарх екъча, хи охьадоладелла. Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хІунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тІулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТІулг бара – Дала леррина Къобалвинарг.
Выбор основного перевода