Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЮшаІа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІера паччахьаш хІаллакбира. Ливанун тогІи чохь йолчу БаІал-Гад-гІалина тІера СеІирна уллохь болчу Хьалакх-лома тІекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаІа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дІаделира уьш. ХІара ду исраилхошна юкъахь Йордан-хина малхбузехь болу КанаІан-мохк бекъарх долу дийцар. Мохк боькъуш, цунах царна дакъош дира динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, исраилхойн тайпанашкахь болчу доьзалийн тхьамданаша а. Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, кхаж а тосуш, дийкъира цара иза исс тайпанна а, Маннашан эха тайпанна а. Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира. Малхбалерчу Йордан-хи тІера малхбузерчу Дуьненаюккъера хІорда тІекхаччалц долу латта шун тайпанашна дакъошкахь дІаделла ас. Вай хІинцале хІаллакдинчу къаьмнийн а, хІаллакдаза дисинчу къаьмнийн а латта ас дІаделла шуна. Хьайн куьйгаца халкъаш хІаллакдира Ахьа, ткъа тхан дай баха охьаховшийра Ахьа. Кхечу къаьмнашна зулам дира Ахьа, ткъа тхан дайн аьтто балийтира Ахьа. Баркалла ала церан латтанаш Схьаделлачунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Выбор основного перевода