Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан назма. Веза Эла! Хьан хІусамехь Іан хьенан ю бакъо? Хьан безачу лома тІехь ваха хьенан ю бакъо? Иза дан бакъо ю, цІеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун. Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ, шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш, шен уллораниг емал а ца веш волчун. Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дІатеснарг бІаьрга ван а ца везаш, амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун. Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чІагІо йинехь, шен дашана тІера волуш воцучун. Везачу Эло Мусага элира: «ХІара халкъ мел Іийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Іийр ду иза? И дерриг а шайна гуш доллушехь, тІаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу. Делах долу тешар церан ца хиларна а, Цуьнан кІелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а.
Выбор основного перевода