Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисархошна хьалха цара кхочушйира Дала царна аьлла йолу билгалонаш, Хьамин тІаьхьенийн лаьтта тІехь цара тамашийна гІуллакхаш гайтира. Дала бода бахийтира цига, боданах дуьзира латта, Цуьнан дешнашна дуьхьал уьш бевлла дела. Церан хийх цІий хилийтира Цо, церан чІерий хІаллак а хуьлуьйтуш. Церан латта пхьидарчех хьаладуьзира, церан паччахьан цІенош чохь а яра уьш. Иза вистхуьллушехь, жІаьлийн мозий гучудевлира, массо а махкахула чуьркаш а яьржира. Церан догІанех Цо къора хилийтира, массо а лаьттахула ткъес тохийтира. Кемсийн таьллангаш а, инжиран дитташ а дохийра, шаьш долчохь мел долу дитт а хІаллакдира. Иза вистхуьллушехь, цІоз даьржира, барам боцуш дукха уьш хилира. Церан лаьтта тІера ерриг буц а, кхаш тІехь кхиъна мел долу ялта а дІадиира цара. Цул тІаьхьа Цо массо а хьалха вина доьзалхо хІаллаквира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтурш байина дІабехира. Амма пирІунан дог а чІагІдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хІуманаш а гойтур ду Ас. Везачу Эло Мусага аьллера: «ПирІуно шуьга ладугІур дац, Мисар-махкахь Сан тамашийна билгалонаш алсамйовлийтархьама». И ерриг а тамашийна билгалонаш пирІунна хьалха гайтира Мусас а, АхІарона а, амма, Везачу Эло дог а чІагІдина, пирІуно шен махкара дІа ца бахийтира исраилхой.
Выбор основного перевода