Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІокху яьссачу арахь оьгур ду шун догІмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тІехдевлларш, Суна луьйш хилларш, Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХІокху яьссачу арахь берриг а хІаллакьхир бу уьш“». Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхІарона а дагардинчарах цхьа а адам хІинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара. Везачу Эло хІетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хІаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург.
Выбор основного перевода