Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІа а дигна, Хьайн цІенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хІусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦІийне! Лохьа пурба Йордан-хих дехьа а ваьлла, цунна дехьа долу дика латта ган – исбаьхьа хаза лаьмнаш а, Ливанун латта а“, – бохуш. Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира, шайн ницкъаца а ца даьккхира. Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а, Хьан юьхь тІера лепачу нуьраца а даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна. Башан-лам – сийлахь лам ма бу! Дукха лекха баххьаш цунна тІехь ма ду!
Выбор основного перевода