Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахара, ткъа Іелин ши кІант, Хьапний, Пайнехьассий, велира. Хаамчас жоп делира: «Исраилхой пІелаштамхойх бевдда. Вай цара эшийна. Хьан ший а кІант велла. Делан тІорказ мостагІийн карахь ду». Иза лечу хенахь, цунна тІехь лаьтташ болчу зударша элира: «Ма кхера. Ахьа кІант вина». Амма иза схьахьожуш а, йистхуьлуш а яцара. Цунах тІаьхьабиснарш Іожаллин уьно коше кхачор бу, царах бисинчу зударша царна тІаьхьа тийжарш а дийр дац.
Выбор основного перевода