Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хІора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тІедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. Тхи дІадаьлча, лаьтта тІехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хІуманаш йисира. (Ораматан хІу санна а йолуш, тІехьаьжна сегІазах тера яра и «ман». Уьш мацбеллачу хенахь стигалара кхача а белира Ахьа царна. Уьш хьагбеллачу хенахь тІулгах даьккхина хи а делира Ахьа царна. Ахьа цаьрга элира, дІа а гІой, царна, куьг а айина, дІадала чІагІо йина долу латта церан дола даккха. Уьш Іаморхьама Хьайн дика Са дІадели Ахь. Саццаза Хьайн кхачанийн буьртигаш дІалора Ахь царна, церан хьогалла дІаяккха хи а лора. Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара: „Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“». Цара массара а цхьатерра болу синан кхача а биъна.
Выбор основного перевода