Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛадогІалаш ас бохучуьнга, массо а халкъаш! ХІара тидаме эцалаш, дуьнен чохь дехаш мел долчара: «ЛадогІа, Сан халкъ, Ас дош эр ду. Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Со Дела ву, хьан Дела ву! Баланехь долу шу Соьга кхайкхича, Аса шу кІелхьардехира. Ткъесан мархина юккъера схьа Ас шуна жоп делира. Мерибан хиш долчохь Ас шу зийра. ЛадогІа Соьга, Сан халкъ, ладогІа Ас бохучуьнга: Соьгара товрат-хьехам схьабер бу, Сайн нийсо Ас къаьмнашна серло йина дІахІоттор ю.
Выбор основного перевода