Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду. Аса тІедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгІин сурт а дина, цунна, сагІанаш а даьхна, Іибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!“» Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. Хьо хьанах кхераелла сел чІогІа, тешаме ца хиллал а, Со, виц а вина, хьайн дага чохь ца виттал а? Со вехха вист а ца хуьлуш Іерна, дуй те хьан Сох цакхерар? Уьш хьо волчу схьабогІу, халкъан гуламе богІуш санна. Сан халкъ хьуна хьалха охьахоу, цо хьоьга ла а дугІу, амма цо ахьа бохург кхочуш ца до. Цара хьуна тамехь долу къамелаш до, амма церан дегнаша адам ледарца шайна сā лоху.
Выбор основного перевода