Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гІуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чІогІа оьгІазвахийтира. Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира. Уьш дІабирзира Везачу Элан парзех а, церан дайшца Цо бинчу бартах а. Цара ла ца дуьйгІира Везачу Эло шайга, дІахьедар а деш, аьллачуьнга. Цара цІу-деланашна Іибадат дора, уьш хІумма а йоцург боллушехь, цу тайпана шаьш а хІумма а боцурш а хилла. Шайна гонах долу къаьмнаш санна бехаш бара исраилхой, Везачу Эло шайга, весет а деш, аьлла доллушехь: «Ма делаш цара дийриг». И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догІарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тІе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугІура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара. qac Аqac*дамаш декъала хуьлу цІеначу некъаца лелча, Везачу Элан товрат-хьехам тІехь а лаьтташ. qac Аqac*дамаш декъала хуьлу Цуьнан сацамаш ларбеш хилча, дерриг а шайн дагца Иза лохуш хилча. qac Аqac*ла хІума долу гІуллакхаш цара ца до, амма Цуьнан некъашца лела уьш. qac Аqac*хьа омранаш тхуна тІедехкина, тхоьга уьш кхоччуш лардайтархьама. qac Аqac*хь тІедехкина парзаш лардарна сан некъаш тІехьажийна делахьара! qac Аqac*хьа мел тІедиллиначуьнга со хьежахь, юьхьІаьржачу хІуттур вац со. qac Аqac*са догцІеналлица хастамаш бийр бу Хьуна, Хьан нийса тІедехкинарш а Іамош. qac Аqac*са Хьан парзаш лардийр ду. Кхоччуш дІа ма тасахьа со! qac Бqac*еш болу шен дахаран некъ жимачу стага цІена муха лелабо? Хьан дош кхочушдарца цІена лелабо. qac Бqac*оллучу ницкъаца, сайн доллучу даггара Хьо лоьху ас, Хьан весеташ тІера дІа ма валийтахьа со. qac Бqac*акъдолу Хьан дош сайн даг чохь латтадо аса, Хьуна дуьхьал сайна къа ца латорхьама. qac Бqac*акъволу Эла, декъала ву Хьо! Хьайн парзаш суна хьехахьа. qac Бqac*агахула Ахь мел тІедиллина хІума сайн балдашца Аса кхайкха а до. qac Бqac*оккхачу бахамах санна, со воккхавеш ву Хьан бакъонийн некъаца леларх. qac Бqac*акъдолу Хьан омранийн ойла еш ву со, Хьан некъашка а хьоьжуш ву со. qac Бqac*акъдолу Хьан дош суна диц ца ло, мелхо а, Хьан парзех со воккха а воь. qac Вqac*ехьа декъала Хьайн лай волу со, Хьан дош а лардеш со вахийтархьама. qac Вqac*ехьа со бІаьрса долуш, Хьан товрата тІера тамашийна хІуманаш суна гайтархьама. qac Вqac*у со хьаша кху лаьттахь, ма дахахьа сох къайла Хьайн весеташ. qac Вqac*у сайн са тІехдуьзна ерриг а хенахь Хьан тІедехкинаршна леринчу лаамех. qac Вqac*у Хьо кура дегнаш долчарна тІехдетташ. Хьан весетех дІабевллачарна тІехь неІалт ду. qac Вqac*аккхахьа со сайна тІерачу эхьах а, дегабаамах а, ас Хьан бакъонаш кхочушйо дела. qac Вqac*овшах а кхетта, суна дуьхьал элий барт беш белахь а, Хьан лай волчу аса Хьан парзех лаьцна ойланаш йийр ю. qac Вqac*у со сакъералуш Хьан бакъонех, уьш суна хьехамчаш санна ма ю. qac Гqac*Іел а велла, со ченахь Іуьллуш ву. Денвехьа со Хьайн дашца. qac Гqac*учудехира ас сайн некъаш, Хьуна ас бохург дІа а хезира. Іамадехьа суна Хьайн парзаш. qac Гqac*айтахьа суна Айхьа динчу омранийн маьІна, тІаккха ойла йийр яра аса Хьан тамашийначу хьехамех лаьцна. qac Гqac*ІайгІано дашош лаьтта сан са, Хьайн дашца чІагІвехьа со. qac Гqac*енабаккхахьа суна харцонан некъ, Хьайн диканца бовзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам. qac Гqac*онах сайна дІахІиттийна ас Хьан тІедехкинарш, Хьуна тешаме хиларан некъ а хаьржина ас. qac Гqac*Іадвахна со Хьан бакъонашна, Веза Эла. Ма хІоттавайтахьа со юьхьІаьржачу. qac Гqac*Іадвахна воду со Хьан весетийн новкъахула, Ахьа сан даг чу сов кхетам биллина дела. qac Дqac*овзийтахьа суна, Веза Эла, Хьайн парзийн некъаш, со массо а хенахь уьш лардеш лелар вара. qac Дqac*овзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам, со цунна муьтІахь хир вара. Сайн доллучу даггара и хьехам ас ларбийр бара. qac Дqac*аккхахьа сан са Хьайн весетийн новкъа, хІунда аьлча царах ас марзо оьцу. qac Дqac*ерзадехьа сан дог Хьайн бакъонашна тІе, сайна пайда болучунна тІе дерзоран метта. qac Дqac*Іадерзадехьа сан бІаьргаш эрна хІуманашка хьоьжучуьра. Денвехьа со Хьайн некъа тІехь. qac Дqac*ІахІоттадехьа Хьайн лай волчу суна Айхьа дина ваІда, Хьуна хьалха ларамах буьзначарна лерина ваІда. qac Дqac*Іадаккхахьа суна кхераме хеташ долу со емалвар. Делахь а Хьан тІедехкинарш суна диканна ду. qac Дqac*езаш ма ду суна Хьан омранаш. Хьайн нийсонца денвехьа со. qac Еqac*рзайойла Ахьа суна тІе Хьайн безаман марзо. Веза Эла, кІелхьарваккхахьа со – Ахьа чІагІо ма йина. qac Еqac*малвар сайна деш волчунна ас тІаккха жоп лур ду, хІунда аьлча со Хьан дашах тешна Іаш ву. qac Еqac*рриг а йиш Хьох лаьцна бакъдерг дийца дІа ма яккхахьа, хІунда аьлча Ахьа ечу кхелашка со хьоьжуш ву. qac Еqac*рриге а хенахь, абаденналц ларбийр бу ас Хьан товрат-хьехам. qac Еqac*ллачу паргІатонца лелар ву со, хІунда аьлча ас Хьан омранаш лийхира. qac Еqac*ллачу Хьан бакъонех лаьцна дуьйцур ду ас паччахьашна хьалха, ийза а ца луш. qac Еqac*рриг а сан ойланашца суна уьш дезарна, Хьан весетех сакъералуш ма ву со. qac Еqac*рриге а сайн ойла Ахь деллачу парзашна тІеерзор ю аса, сайна дезаделлачу Хьан весеташна куьйгаш тІекхийдор ду аса. qac Зqac*ерца Айхьа делла дош дагадаийтахьа, хІунда аьлча цуьнга со сатуьйсуш ву. qac Зqac*аза доккхуш санна, Хьан чІагІоно со денвар – иза сан догъэцар ду, со баланехь велахь а. qac Зqac*ама мел йолу а, кура дегнаш дерш суна луьйш бу, амма со Хьан товрат-хьехаман некъа тІера ца волу. qac Зqac*аманашкара дуьйна долу Хьан тІедехкинарш, Веза Эла, дага а доуьйтуш, царах аса сайн дагна синтем бо. qac Зqac*уз дарца дегІе эргІадволу со, хІунда аьлча Іесанаш Хьан товрат-хьехамна тІера бовлу. qac Зqac*овкх хьоьгуш ву со кху дуьнен тІехь йолчу хенахь, Хьан парзех лаьцна эшарш а лоькхуш. qac Зqac*ама буьйсане йирзича, Хьан цІе дагайогІура суна, Веза Эла, ткъа Хьан товрат-хьехам аса ларбийр ма бу. qac Зqac*ама дІа мел яларх, со иштта веха: Хьан омранашна со муьтІахь ма ву. qac Иqac* сан дакъа Хьо ма ду, Веза Эла. Аса чІагІо йина Хьан дешнаш лардан. qac Иqac*штта, сайн даггара доІанаш дира аса: Хьайн ваІданца къинхетам бехьа сох. qac Иqac* сайн лелар Хьан бакъонашна тІе дерзадо ас, сайн дахаран некъех лаьцна ойланаш а йина. qac Иqac* Хьан весеташ лардархьама, тІаьхьа ца тоттуш аса сихо йо. qac Иqac*штта ца бицбо ас Хьан товрат-хьехам, Іесачеран машшаш суна гонах делахь а. qac Иqac*нзаре нийса долу Хьан тІедехкинарш бахьана долуш Хьуна хастамаш бан хьалагІотту со буьйсанна юккъехь. qac Иqac*штта, Хьуна хьалха ларамах мел буьзначеран а, Хьан омранаш лардеш болчеран а доттагІа ву со. qac Иqac* дуьне Хьан безамах дуьзна ду, Веза Эла. Іамадехьа суна Хьайн парзаш. qac Кхqac*оьллина Ахь дика, Веза Эла, Хьан лай волчунна Хьайн дашца. qac Кqac*qac хqac*ин а чІогІа Іамавехьа со дика къасто а, хьекъале хила а, хІунда аьлча со Хьан весетех теша. qac Кqac*qac ъqac*иза бала айса хьегале, дикка хьалха, со тилавелла вара, ткъа хІинца Хьан дош лардо аса. qac Кqac*омаьрша а, диканиг дийриг а ву Хьо! Іамабехьа суна Хьайн хьехамаш. qac Кqac*ура дегнаш долчара суна дуьхьал харцдерг кхуллу, амма Аса сайн доллучу дагца Хьан омранаш лардийр ду. qac Кqac*урачийн дегнаш дерстина, мохь санна, ткъа аса Хьан товрат-хьехамах зовкх хьоьгу. qac Кqac*qac ъqac*аьхьа бала хьегар дика дара суна, цу бахьанина суна Хьан парзаш Іемина дела. qac Кqac*qac хqac*оччуш дика бу суна Хьан товрат-хьехам, деших а, детих а дина эзарнаш ахчанал. qac Лqac*еррина кхолла а кхоьллина, дІахІоттийна со Хьан куьйгаша. Кхетавехьа со – тІаккха Іемар ву со Хьан весеташ лардан. qac Лqac*арамах Хьуна хьалха буьзнарш со гарх баккхийбийр бу, хІунда аьлча со Хьан дашах тешна Іаш ву. qac Лqac*еррина Ахь йина йолу кхелаш бакъ юйла хаьа суна, Веза Эла, Хьо суна тешаме хиларна, таІзар а дина Ахьа суна. qac Лqac*аьа суна Хьан безамах сайна синтем хуьлийла, Хьан лай волчу суна Ахь чІагІо ма йина. qac Лqac*аьа суна Хьан къинхетамалла суна тІехь хуьлийла, тІаккха дика вехар ву со, Хьан товрат-хьехамах ас зовкх хьоьгу дела. qac Лqac*аьа суна кура дегнаш дерш юьхьІаьржачу хІуьттийла, хІунда аьлча бехк боцуш суна гІело йо цара. Со-м Хьан омранийн ойла еш ву. qac Лqac*аьа суна, Хьуна хьалха ларамах буьзнарш сайгахьа берзар – Хьан бакъонех кхеташ берш. qac Лqac*аьа суна сан дог цІена хуьлийла Хьан парзашна гергахь, Хьуна гергахь юьхьІаьржачу ца хІоттархьама. qac Мqac*а дешна дІадаьлла сан са, Ахь со кІелхьарваккхаре сатийсарна. Хьан даше сатуьйсу ас. qac Мqac*а дешна дІадевлла сан бІаьргаш, Хьан чІагІоне сатийсарна. Ас боху: «Маца бийр бу Ахьа сан синна хьаам?» qac Мqac*а хилла со тишбелла пІаьлдиг санна, амма Хьан парзаш суна диц ца делла. qac Мqac*ел ду те Хьан лай волу со Іан дезаш долу денош? Маца йийр ю те Ахьа кхел суна гІело ечарна? qac Мqac*а дукха оьрнаш даьхна суна кура болчу а, Хьан товрат-хьехаме ла ца дугІучу а наха. qac Мqac*а тешаме ду Хьан дерриге а парзаш. Харцонца ма тІаьхьабевлла суна, гІо дехьа суна! qac Мqac*аьІІаргона со лаьттара дІавойура цара, амма ас Хьан омранаш ца дитира. qac Мqac*еттавалавай, денвехьа со Хьайн безамца, Ахьа елла бакъонаш соьга ларъяйтархьама. qac Нqac*ийсса ду гуттаренна а Хьан дош, Веза Эла, стигалшкахь иза чІагІдина лаьтташ ду. qac Нqac*ехан массо а тІаьхьенашкахула Хьо тешаме ву. Ахьа дІахІоттийна латта, цундела иза лаьтташ ду. qac Нqac*исдина лаьтташ ду дерриге а и хІуманаш тахханалц а Хьан тІедехкинаршца, хІунда аьлча дерриг а хІума Хьуна гІуллакх деш ду. qac Нqac*ицкъболчу Хьан товрат-хьехамах аса зовкх ца хьегнехьара, баланаш хьегарна, со хІаллакьхилла хир вара. qac Нqac*ийсса цкъа а дицдийр дац ас Хьан омранаш, хІунда аьлча цаьргахула Ахь со ден ма вина. qac Нqac*ицкъ ма-кхоччу ас Хьан омранаш лехна дела, со кІелхьарваккхахьа, со Хьан ву. qac Нqac*овкъахь Іесачара суна кІело йо, со вен дагахь, ткъа аса Хьан бакъонех лаьцна ойланаш йийр ю. qac Нqac*ийсса доза гинера суна мел айпе доцучун, амма Хьан весеташ доза доцуш даккхий ду. qac Оqac*ццул дика болу Хьан товрат-хьехам ма беза суна! Дийнан дохаллехь цунах лаьцна ойла еш ву со. qac Оqac*цу сан мостагІел хьекъале вина со Хьан весето, иза массо а хенахь соьца цхьаьна долу дела. qac Оqac*ьзда мел болчу сан хьехамчел а кхетаме хилла со, хІунда аьлча Хьан бакъонех лаьцна ойла еш ву со. qac Оqac*нда кхетам болчу къанойл а хІума хууш ву со, хІунда аьлча ас Хьан омранаш лардо. qac Оqac*цу муьлххачу а зуламечу некъах ларбо аса сайн когаш, Хьан дош лардархьама. qac Оqac*цу Ахьа тІедиллинчух а ца къехка со, хІунда аьлча Ахь-айхьа со Іамаво. qac Оqac*ццул мерза ду-кх сан къамкъаргана Хьан дешнаш! Сан бетана мазал а мерза ду уьш. qac Оqac*цу Хьан омранашкахула кхетам белла суна, цундела суна ца беза муьлхха а болу харцнекъ. qac Пqac*айден Хьан дош чиркх санна ду суна, сан тачанехь иза суна серло ю. qac Пqac*айденна долу Хьан нийса тІедехкинарш лардан ас, дуй а бууш, чІагІо ма йинера. qac Пqac*екъаро санна ас дуккха а гІело хьегна. Веза Эла, Хьайн дашца дахар лохьа суна. qac Пqac*аргІат долчу сан синца сан багара долу сагІа дІаэцахьа, Веза Эла, Хьайн тІедехкинчарах кхета Іамавехьа со. qac Пqac*аргІат долчу сан дахарна гуттар кхерам а лаьтташ, амма Хьан товрат-хьехам ас биц ца бо. qac Пqac*аргІат со ца хилийтархьама, Іесачара суна гур боьгІна, амма со Хьан омранашна тІера ца ваьлла. qac Пqac*айда эцарца сан дог самукъа а доккхуш, массо а ханна Хьан бакъонаш сан долахь ю. qac Пqac*усар дарца сайн дог ас тІе-ма-дерзийнера чаккхенга кхаччалц Хьан парзаш лардан. qac Рqac*еза вац со кхоччуш тешам боцучарна, ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза. qac Рqac*езахиларца сатуьйсу ас Хьан даше. Хьо – сан дІалечкъийла а, сан турс а ду. qac Рqac*езахиларца сайн Делан весеташ лардойла аса. ДІадовла суна уллора, вониг лелош дерш! qac Рqac*ицкъа хилийтахьа сан Хьайн чІагІонца, тІаккха со вехар ву. Сан сатийсамехь со юьхьІаьржачу ма хІоттавехьа. qac Рqac*еза суна Хьо хиларо со кІелхьарвоккхур вара. Массо а ханна Хьан парзийн Аса тидам бийр бара. qac Рqac*еза боцуш Хьан парзашна дуьхьалбевлла лелаш берш массо а Ахь дІатотту, хІунда аьлча церан мекарлонаш эрна ю. qac Рqac*огІ-роггІана лаьттара Іесанаш, хатт санна, Ахь дІабоху, цундела езаелла суна Хьан бакъонаш. qac Рqac*аж йоцуш дегош ду сан дегІ Хьох кхерарна. Сан дага чу кхерам тесна Ахь йинчу кхелаша. qac Сqac*о бакъдерг а, нийсо а лелош Іийра, ма вахийтахьа со сан мостагІийн кара. qac Сqac*уна диканна, Хьан лай волчу соьгахьа гІо а даккхий, ларвехьа со, курачаьрга гІелонаш ца йойтуш. qac Сqac*ан бІаьргаш гІелделла ду, Ахь кІелхьарваккхаре хьежарна. Нийсонца Ахь йина чІагІо кхочушъяре хьоьжуш ма ву со. qac Сqac*о лелавехьа, Хьайн безаме хьаьжжина, со Хьайн парзех а кхетавехьа. qac Сqac*о Хьан лай ву, Іамавехьа со, тІаккха кхетар ву со Хьан бакъонех. qac Сqac*ийсаз а бохуш, Хьан товрат-хьехам талхорна, Ахь кхел ян езаш йолу хан тІекхаьчна, Веза Эла. qac Сqac*уна Хьан весаташ дешил дезаш ду, ур-атталла цІеначу дешил сов деза. qac Сqac*айна Ахь тІе мел дехкина омранаш нийса хеташ ас тІеоьцу, муьлхха а харцонца болу некъ суна чІогІа ца беза. qac Тqac*Іех инзаре ю Хьан бакъонаш, цундела царна муьтІахь ву со. qac Тqac*Іех серло ло Хьан дешнийн дІаделларо, муьлхха а хууш воцург кхета а во цо. qac Тqac*Іех дукха Хьан весеташка сатийсарна гІаттийначу баганца аса синош доху. qac Тqac*ам а бехьа суна, къинхетам а бехьа сох, Хьан цІе езачарах Айхьа ма-барра. qac Тqac*ІечІагІбехьа сан когаш Хьайн дашца, зуламечу хІумане со кІел ма витийтахьа. qac Тqac*Іех адамаша ницкъ барх кІелхьарваккхахьа со, Хьан омранашна со муьтІахь хилийтархьама. qac Тqac*ешамца Хьан юьхь тІера серло суна лепаехьа, Хьан парзех со иштта кхетавехьа. qac Тqac*Іех халахетарна сан бІаьргех хиш оьху, Хьан товрат-хьехам наха лар ца бо дела. qac Уqac*ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву, ткъа Хьан тІедехкинарш бакъ ма ду. qac Уqac*ггаре нийса а, тешаме а ю Ахьа тІе мел ехкина бакъонаш. qac Уqac*ллогІерта цІе санна, оьгІазло суна чохь йогуш ю, хІунда аьлча сан мостагІаша дицдо Хьан дешнаш. qac Уqac*ггар зийна ю Ахь йина чІагІонаш, Хьан лай волчу суна уьш езаелла. qac Уqac*ггаре кІезиг а, нахана дола хеташ а со воллушехь, аса Хьан омранех цхьа а диц ца до. qac Уqac*ггар дукха ханна Хьан нийсо лаьтташ ю, ткъа Хьан товрат-хьехам билггал а тешаме бу. qac Уqac*ггар хала бала а, гІайгІа а тІееана суна, амма Хьан весеташ – суна сакъерадалар ду. qac Уqac*ггар а нийса ю Хьан бакъонаш абаденналц. Хьехар дехьа суна, тІаккха со вехар ву. qac Хqac*qac ьqac*оьга, Веза Эла, кхойкху со сайн доллучу даггара. Со дІахазахьа, ас Іалашдийр дара Хьан парзаш. qac Хqac*qac ьqac*оьга со кхойкхуш ву. КІелхьарваккхахьа со, ткъа Хьан бакъонаш аса Іалашйийр яра. qac Хqac*qac ьqac*оьга гІо доьхуш сахиллалц Іа со, Хьан дашах дегайовхо а ю сан. qac Хqac*qac ьqac*ан чІагІонех лаьцна ойланаш ярхьама, аса буса сахиллалц бІаьргаш дІа ца къовлу. qac Хqac*qac ьqac*айн хедар боцучу безаме хьаьжжина, сан озе тидам бехьа, Веза Эла, Хьайн нийсоне хьаьжжина, сан дахар Іалашдехьа! qac Хqac*Іилла лело дагатеснарш тІегІоьртина суна, уьш Хьан товрат-хьехамна генахь бу. qac Хqac*qac ьqac*о уллохь ву суна, Веза Эла, Хьан дерриг а весеташ нийса ду. qac Хqac*qac ьqac*ан бакъонех лаьцна дикка хан ю суна хиъна, уьш Ахьа массо а ханна дІахІиттинийла а хаьа суна. qac Чqac*ІогІачу баланехь со хиларе а хьажий, кІелхьарваккхахьа со, хІунда аьлча ас биц ца бо Хьан товрат-хьехам. qac Чqac*ІагІо Айхьа ма-ярра, со кІелхьарваккхахьа. Сан къовсам къаста а беш, со паргІат а ваккхахьа. qac Чqac*ІогІа генахь бу Іесанаш кІелхьарбахарх, царна Хьан парзаш кхочушдан ца лаарна. qac Чqac*ІогІа къинхетаме ву Хьо, Веза Эла. Хьайн кхел ярца денвехьа со. qac Чqac*ІогІа дукха бу суна тІаьхьабевлларш а, мостагІий а, амма Хьан бакъонашна со генаваьлла вац. qac Чqac*ІогІа дог делира сан Хьуна тешаме боцурш ган, хІунда аьлча Хьан дош ца лардо цара. qac Чqac*ІогІа Хьан омранаш суна дезаш хиларе хьажахьа, Веза Эла, Хьайн безамца денвехьа со. qac Чqac*ІогІа тешаме бу Хьан дешан бух, массо а Хьан нийса тІедехкинарш абаденналц ду. qac Шqac*аьш бакъ боццушехь, суна тІаьхьабевлла куьйгалхой, амма сан дог, ларамах а дуьзна, Хьан дош бахьана долуш дегадо. qac Шqac*ена йоккха са яьлларг санна, воккхавеш ву со Хьан чІагІонах. qac Шqac*еко а йоцуш, ца деза суна харцдерг, ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза. qac Шqac*аерг нийса йолу Хьан кхелаш бахьанехь, дийнахь ворхІазза хастам бо ас Хьуна. qac Шqac*ортта синпаргІато ю Хьан товрат-хьехам безачийн, ткъа уьш тасабалийта я галбовлийта хІумма а дац. qac Шqac*еко йоцуш, Ахь кІелхьарваккхаре дегайовхо ю сан, Веза Эла, Хьан весеташ а кхочушдо ас. qac Шqac*атайпа Хьан бакъонаш сан сино ларйо, уьш суна Іаламат дукха а еза. qac Шqac*адерг сан некъаш Хьуна хьалха хиларна, Хьан омранаш а, бакъонаш а ларйо ас. qac Іqac*азап чуьра ас доккху орца дІакхочийла Хьоьга, Веза Эла. Хьайн дашца кхетам лохьа суна. qac Іqac*ийжаме сан доІанаш Хьоьга дІакхочийла. Хьайн чІагІонца со кІелхьарваккхахьа. qac Іqac*анор бу сан багано Хьуна хастамаш, Ахь Хьайн весетех со кхетаво дела qac Іqac*абарца сан матто дІакхайкхадойла Хьан дош, хІунда аьлча массо а Хьан весеташ нийса ду. qac Іqac*аламат тешаме долу Хьан куьг суна гІоьнна хуьлийла, хІунда аьлча ас Хьан омранаш кхочушдан хаьржина. qac Іqac*ебийла Ахь кІелхьарваккхарх болу сан хьагам, Хьан товрат-хьехамах со сакъералуш ву. qac Іqac*ойла сан са Хьуна хастамаш а беш, Ахьа тІедехкинарш суна гІортор санна хуьлийла. qac Іqac*ахар тила ма-баллара, тилавелла со. Хьайн ялхо волу со лехахьа, хІунда аьлча Хьан весеташ суна диц ца делла. Ва сонта галатахой! Хьан тилийна те шу? Аса хаза кхаъ хьоьхучу хенахь Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатохаран сурт ма-хІуттура шун бІаьргашна дуьхьал! Цхьа хІума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал? Аша мел хьегна баланаш эрна хилла те? Со тешна ву и дерриг а эрна хилла ца хиларх! Шен Са а, шуна юкъахь дина Іаламаташ а, аша товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна луш ду шуна Дала, Цуьнгара болу хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна а доцуш?! Делан Йозанаш тІехь ИбрахІимах лаьцна аьлла ма ду: «Иза тийшира Делах, цундела Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». Иштта хаалаш, билггала ИбрахІиман тІаьхьенах берш Делах тешарш бу. Делан Йозанаша, хиндерг а дуьйцуш, кхечу къаьмнийн халкъаш а церан тешарехула Дала бакъдийриг хиларх лаьцна хаам бинера ИбрахІиме: «Дуьнен чуьра массо а халкъаш а Дала хьоьгахула декъалдийр ду», – аьлла. Цундела тешаш берш Делах тешаш хиллачу ИбрахІимца а декъала хуьлу. Ткъа товрат-хьехамашна тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца шаьш Далла хьалха бакъхила луурш неІалтана кІел бу. ХІунда аьлча яздина ду: «Товрат-хьехамашна тІехь яздина долу дерриге а даим а кхочушдеш воцучу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. Ткъа товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарца Далла хьалха цхьа а бакъвийр воцийла вайна хууш ду, хІунда аьлча: «Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву». Муса-пайхамаран товрат тІехь долчу бакъахьарачу гІуллакхийн цхьа а уьйр яц тешарца, цу тІехь аьлла ду: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кІелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неІалтах, и неІалт Шена тІе а лаьцна. ХІунда аьлча Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. И дерриг а кхочушхилла, Дала ИбрахІиме лур ду аьлла долу декъалалла, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула кхечу къаьмнашна а далийтархьама а, вайн Шех тешар бахьана долуш, вайна чІагІо еш, Ша лур ду аьлла Делан Са вайна далархьама а. Динан вежарий, йижарий, аса вайн дахарехь долу цхьа масала далор ду шуна. Ур-атталла адамаша шайна юкъахь чІагІбина болчу бартана цхьаммо а йиш яц хІумма а цунна я тІетоха, я иза бохо а. Ткъа Дала, чІагІо еш, элира Ша ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенах волчунна а лун дерг. Дацара и аьлла: «тІаьхьенах болчарна» бохург дуккханех лаьцна долуш санна, амма цхьаннах лаьцна долуш санна аьллера, «хьан тІаьхьенах волчунна» аьлла. Иза ву Дала леррина Къобалвинарг. Ас бохург хІара ду: диъ бІе ткъе итт шо даьлча а, Дала беллачу товрат-хьехамаша Дала Ша кхул хьалха бина болу барт бохо йиш яц. Цундела Ша лур ду аьлла йина чІагІо дІа а ца яьккхира Дала. Нагахь Дала Ша лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбарна луш делахьара, иза Ша чІагІо ярна луш хир дацара. Ткъа ИбрахІимна Дала Ша лур ду аьлларг, Шен дикалле хьаьжжина, чІагІо ярна делла. ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца. Ша цхьаъ волчунна юкъарло лелошверг ца оьшу. Ткъа Дела цхьаъ ву! ТІаккха товрат-хьехамаша Дала йинчу чІагІонашна дуьхьало йой те? Йойла а дац! ХІунда аьлча, нагахь адамашна деллачу товрато Дела волчохь хедар доцу дахар луш делахьара, къинойх бехказадовлар товрат-хьехамаш ма-бохху кхочушбарца доьзна хир дара. Амма Делан Йозанаша боху массо адамаш къинойн олаллехь ду. Делан Йозанийн Іалашо яра Дала чІагІо еш лур ду аьлларг Іийсах тешачарна дала, церан тешар бахьана долуш. Ткъа и тешаран зама тІекхачале, вай оцу товрат-хьехамийн олаллехь дара, Далла хила лиъна долу и тешар довзийтталц. Иштта Дала леррина Къобалвинарг схьаваллалц, вайна тІе хІоттийна волу тІехьожург санна, дара товрат, тІаккха Цунах тешар бахьана долуш Далла хьалха вай бакъдархьама. Ткъа хІинца, и тешар деана дІахІоьттинчу хенахь дуьйна, вай товрат-хьехамийн олаллехь дац кхин. Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца шу массо а Делан кІентий ду. ХІинца Дала леррина Къобалвинчун дола а довлуш, шаьш хих чекхдахийтина дела, Іийсан бедарш тІеюьйхича санна, Цуьнан васт схьаэцна аша. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду. Нагахь шу Дала леррина Къобалвинчун делахь, тІаккха шу ИбрахІиман тІаьхьенах ду. Цундела шуна а кхочур ду, Дала, чІагІо еш, лур ду аьлларг.
Выбор основного перевода