Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахара, ткъа Іелин ши кІант, Хьапний, Пайнехьассий, велира. Дуьххьара Сан Іаш йолу меттиг дІахІоттийна йолчу Шилун-гІала а гІой, хьовса, Аса цу меттигна хІун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. Цундела Шилун-гІалина динарг Аса хІинца Сан цІе лелош долчу хІокху цІенна а дийр ду, шу оцу цІийнах тешна Іаш доллушехь а, Аса хІара меттиг шун дайшна дІаеллехь а. Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“». ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла.
Выбор основного перевода