Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхІу, Аса йогуш йолу цІе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цІеро уьш дІакхоллур бу. ТІаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цІарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цІе санна, догура, сан даьІахкашкахь дІахьулйина цІе санна, иза летара. Со хІоьттинера иза сайгахь сецо гІерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора. Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догІуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьІна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» – бохуш. Тхайн тІемашкахь оха леладо герзаш кху дуьнен чуьра герзаш дац. Мелхо а, Дала цу герзашна Шен ницкъ белла, цаьргахула тхоьга гІепаш хІаллакьяйтархьама. Мекара ойланаш а, Дела вовзарна дуьхьал лакхайоккху муьлхха а куралла а йохайо оха цаьрца. Муьлххачу а ойланашна цаьрца йийсар до оха, уьш Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь ярхьама. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо. ВорхІалгІачу малико а Шен карара турба лекхира. ТІаккха стигалахь чІогІа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тІера пачхьалкх хІинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тІейогІучу заманна паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода