Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шена тІедиллина доцург Сан цІарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цІарах къамел деш волу пайхамар а хІаллакве“. Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла.
Выбор основного перевода