Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан бага сардамех а, мекарлонех а, гІело ярх а юьзна ю. Цуьнан меттан буьххьехь зуламениг а, вониг а ду. Цундела латта гІайгІа еш хир ду, стигал бодане хилла дІахІуттур ю, хІунда аьлча иза Аса аьлла а ду, Аса чІагІдина а ду. Цу хІуманна Со дохко а ца ваьлла, Айса аьллачунна тІера а вер вац». «Муха вала веза Со хьуна къинтІера, ЯхІуд-мохк? Массо а хьан бераш Сох дІахерделла. Уьш цІушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь. Аса царна мел оьшург латтийнера, амма уьш ямартлонца лелара, тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш. Уьш юстийна йолу говраш санна бу, шайн хьайна хиларца лулахочун зудчуьнга дог хоуьйтуш болу. Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг сан долахь хилла елара. Сайн къам дуьтур дара аса, сайн халкъ долчуьра со дІагІур вара, уьш массо а тешаме боцу дела – ямартчу нехан тоба ю уьш! Лаьмнашна ас белхар хІоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хІоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Іоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дІадахара, бежанаш цигара дІадахара. Мел ханна хир ду хІара латта дакъийна, мел ханна хир ю хІора кха тІехь буц якъаелла? Цигахь Іаш болчеран Іесалла бахьана долуш, олхазарш а, акхарой а хІаллакьхуьлуш ю. Цу тІе а наха боху: «Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю». Амма хьан бІаьргаш а, дог а харцахьа хьайна са яккха а, бехк боцучеран цІий Іано а, нахана гІело а, ницкъ бан а бен тІедерзийна дац. Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хІаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тІехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цІий Іенор а дац хедаш. И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду.
Выбор основного перевода