Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дІабуьгурш туьлуьйтуш бу. Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла, ткъа Іелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаІалан цІарах хаамаш бора, хІумма а йоцучу цІушна суждане оьхура. Хьан йоккхаха йолу йиша – Шамран-гІала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гІала ю. Аса Исраил-махкана дарба лелийча, Эпрайман халкъан къинош а, Шамран-гІалин зуламаш а гучудовлу. ХІунда аьлча цара харцонаш лелайо. Къуй а бу лелаш. Талорхой а бу гІалин урамашкахь талораш деш. Уьш массо а оьгІазаллех кхехкаш бу. Цара шайн куьйгалхой дІакхоллу. Церан массо а паччахьаш тІекІел охьаэгна, ткъа цхьа а стаг Соьга гІо доьхуш ца кхойкху». «Эпрайман халкъ вукху къаьмнех дІаэделла. Иза буьйда дисинчу баьпках тера ду.
Выбор основного перевода