Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «ЛадогІа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хІуттур вара, я гІенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца. Вуй те дуьнен чохь цу хІуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хІуманах кхето йиш йолу? ХІунда хІаллакдина хІара латта, цхьа а шена тІехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хІунда яссийна хІара аре? ЛадогІа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хІара дешнаш шуна дІахозийла: «Шайн зудабераш маьхьаршца делха Іамаде. ХІара тезетан тийжам вовшашна Іамабе: Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кІа, цІан а дина, цІа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дІайовш йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо». Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гІуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гІуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Іийсан бІеннаш шерашкахь, амин!
Выбор основного перевода