Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла. Царна тІаьхьа Везачу Элан Малик а долийла. Іесачу нехан некъ Іаьржа бода санна бу, шайн ког стенах тасабелла а ца хаьа царна. Аса бохам бийр бу Іанатот-гІаларчу оцу божаршна, царна бекхам бечу дийнахь. Царах цхьа а стаг дийна вуьсур вац». Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа.
Выбор основного перевода