Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен кІентий схьа а кхайкхина, Якъуба элира: «Суна уллохь гул а лой, ладогІа, тІейогІучу хенахь шуьца хиндерг дуьйцур ду ас. Иштта ду Сан багара схьадолу дош а – иза даьсса юха ца доьрзу Суна тІе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Іалашоне кхочу. Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю. Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду.
Выбор основного перевода