Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со вист мосазза хуьлу, Аса, мохь а бетташ, кхойкху: «Къизалла а, хІаллакьхилар а хир ду». Везачу Элера болу и хаам ас барна, наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда. ТІаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цІарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цІе санна, догура, сан даьІахкашкахь дІахьулйина цІе санна, иза летара. Со хІоьттинера иза сайгахь сецо гІерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора. Суна хезира – сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьІахкех лазар кхийтира, сан когийн кІелара латта дегадо. Амма со собарца хьоьжур ву, тхуна тІелеттачу халкъана тІе догІучу бохаман дийне.
Выбор основного перевода