Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, бакъдерг аьлча, Іойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІотийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. Везачу Элан бІаьргаш адаман некъаш тІехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го. Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со? Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со? Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву. Нагахь Іуьйренан зІаьнарийн тІемаш тІехь со хьалаваьлча а, я, хІордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а, цигахь а Хьайн куьйгаца лелаво Ахь со, Хьайн аьтту куьг а кхийдадо Ахь соьга. Нагахь: «Бодано хьулвойла со», я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», – ас аьлча а, Іаьржачу бодано дІахьулвийр вац со Хьох. Хьуна-м Іаьржа бода а сирла серло санна бу. Къа ду шайн дагахь дерг Везачу Элах лачкъо гІертачийн, цара боданехь до шайн зуламе гІуллакхаш: «Вай хьанна го? Вай дийриг хьанна хаьа?» – бохуш. Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цІа? Сан садоІу меттиг а мичахь хир ю? Уьш, эхарта кхаччалц, лаьттах чубахнехь а, цигара а Сан куьйго схьабохур бу. Уьш, тийсалуш, стигала хьалабевллехь а, цигара а чукхуьссур бу Ас. Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бІаьргашна хьалхара дІабевлла, хІордан бухахь уьш дІаловчкъахь а, цигахь а Ас хІордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла.
Выбор основного перевода