Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло кхиийначу зІийдаго хазалла а, сийлалла а лур ю. Лаьттан ялто дозалла а, сий а лур ду Исраилан халкъах дийна бисинчарна. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хІоттор волчу, Даудан тІаьхьенах волчу шайн паччахьна а гІуллакх деш лелар бу. Сан ялхо волу Дауд церан паччахь хир ву, царна массарна а тІехь цхьа Іу а хир ву. Уьш Сан тІедехкинаршца лелар бу, цара Сан парзаш, кхочуш а деш, лар а дийр ду. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. Цул тІаьхьа исраилхой юха а боьрзур бу, шайн Веза Дела а, Даудан тІаьхьенах волу шайн паччахь а лохур ву цара. ТІаьхьарчу деношкахь Везачу Элана хьалха ларамах а, Цуьнан диканах а буьзна хир бу уьш. ЛадогІал, коьрта динан да волу ЮшаІ – ахьа а, хьуна хьалха охьахевшина Іаш болчу динан дайша а. Диканиг хирг хиларан билгалонаш ю шу. Ас схьавалор ву Сайн ялхо, Айса кхиийна зІийдаг. Цуьнга дІаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗІийдаг цІе йолчу хІокху стага ша волчохь зІийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттор ду цо. Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хІинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хІуттуш, корта тоха даьхкина тхо». Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». НатунаІил схьа а лехна, Пилапа элира цуьнга: «Мусас товрат тІехь бинчу хьехамашкахь а, пайхамарша яздинчу тептарш тІехь а вийцина Хилларг карийна тхуна. Иза ву Юсупан кІант Іийса, Ша Назарт-гІалара схьаваьлла волу».
Выбор основного перевода