Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Хьалха хилла хІуманаш дага а ма леца, дІадаьллачух лаьцна ойланаш а ма е. Хьовсал, Со керланиг деш ву! Иза хІинцале схьадеана. Шуна ца хаало иза? Ас яьссачу аренгахь некъаш а дохкур ду, эрначу аренгахь татолаш а хоьцур ду. «Делахь а, кестта тІекхочур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чІагІо йийр йоцу. Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дІабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чІагІо йийр ю цара. Церан дайшна деллачу лаьтта тІе юхаберзор бу Аса уьш».
Выбор основного перевода