Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Суна хезна Сан цІарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гІенах гина, суна гІенах гина“. ГІан гина волчу пайхамаро, шена гІенах гинарг гІан ду аьлла, дийца деза, амма шегахь Сан дош долчо, иза ма-дарра дІадийца деза. Кегаш цІена кІа ма дац! – боху Везачу Эло. – Нагахь санна Сан цІарах харц хаам бан цхьа пайхамар Іехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Іехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса. Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агІор хуьйцу цара.
Выбор основного перевода