Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас элира: «ХІинца хІокхунах хуур ду шуна Везачу Эло со и дерриге а гІуллакхаш кхочушдан къобалвина хилар, ткъа уьш аса сайн лаамца деш ца хилар а: Вуй те дуьнен чохь цу хІуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хІуманах кхето йиш йолу? ХІунда хІаллакдина хІара латта, цхьа а шена тІехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хІунда яссийна хІара аре? ЛадогІа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хІара дешнаш шуна дІахозийла: «Шайн зудабераш маьхьаршца делха Іамаде. ХІара тезетан тийжам вовшашна Іамабе: ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Ла ма догІа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гІенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтІахь хила ца деза›. Цара шуьга харцдерг дуьйцу, шу шайн лаьтта тІера гена дІалахкийтархьама. Аса шу дІалохкур дара, ткъа шу хІаллакьхир дара.
Выбор основного перевода