Цара боху: «Везачу Элана хІара ца го, Якъубан Дала хІокхуьнан тидам ца бо».
Шуна лергаш Деллачунна дІахезар дац ткъа? Шуна бІаьргаш Деллачунна дІагур дац ткъа?
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна, Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа.
Со маца охьахоу а, со маца хьалагІотту а хаьа Хьуна. Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а.
Со новкъахула вогІуш велахь а, я вижина Іуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна. Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна.
Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале, ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла.
Хьалхахь а, тІехьахь а, суна массо а агІор а ву Хьо, Хьайн куьг а латтадо Ахь суна тІехь даим.
Ма инзаре тамашийна ду Хьуна сох хууш мел дерг. И дерриге а довза сан ницкъ ца кхаччал лекха ду-кх иза.
Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со? Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со?
Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву.
Нагахь Іуьйренан зІаьнарийн тІемаш тІехь со хьалаваьлча а, я, хІордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а,
цигахь а Хьайн куьйгаца лелаво Ахь со, Хьайн аьтту куьг а кхийдадо Ахь соьга.
Нагахь: «Бодано хьулвойла со», я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», – ас аьлча а,
Іаьржачу бодано дІахьулвийр вац со Хьох. Хьуна-м Іаьржа бода а сирла серло санна бу.