Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигаларчу гуламехь Делан ойланашка ладуьйгІирий те ахь? Я дерриг а хьекъалалла хьуна кхаьчна те? Тидам бе, Аюб, ладогІа ас бохучуьнга. ХІумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду. Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнан хьехамча санна хьан Іамийна Иза? Хьанах дагаваьлла Веза Эла? Мила ву Цунна къастор луш а, Иза нийсачу новкъа воккхуш а? Мила ву Иза кхетош а, Цунна кхетаман некъ гойтуш а?
Выбор основного перевода