Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара Везачу Элах лаьцна харцдерг дуьйцура: «Везачу Эло тхуна хІумма а дийр дац, тхуна цхьа а тайпана вон дерг а хир дац, тхуна мацалла а гур яц. Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. Сан къомана тІехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хІумма а дац бохуш. Цара Сан къам Іехадо, цуьнгахь машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. ХІара вон халкъ Сан дешнашка ладогІарх дІакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тІаьхьахІутту, царна Іамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хІокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хІуманна пайденна боцуш бина дІахІиттор бу. Амма халкъо эр ду: „Цу хІумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХІора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“». Иза иштта билггал хир ду, хІунда аьлча цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тІе кир тоьхча санна хуьлу. Церан тхьамданаша кхаьънаш эцарца кхел йо, ткъа динан дайша шайна мах белча хьоьху. Церан пайхамарша а ахчанах пайхамаралла до. Шаьш иза дечу хенахь Везачу Элана тІетевжа уьш: «Веза Эла вац ткъа вайна юкъахь? Вайна тІе бала богІур ма бац!» – бохуш. ЦІуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гІенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагІий санна, тилабелла лела. Царна гІело а йо, царна тІехь Іу воцу дела.
Выбор основного перевода