Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша. Шайн Веза Дела виц а вина, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна Іибадат дора цара. ГадІан веллачул тІаьхьа исраилхой, Везачу Элера дІа а бирзина, юха а БаІал-деланашна тІаьхьахІиттира. Шайн дела БаІал-Барт а хаьржина, шаьш гонах болчу массо а мостагІех кІелхьарваьккхина волу шайн Веза Дела дага ца вогІура царна.
Выбор основного перевода