Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тІаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кІех а, керлачу чагІарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тІехь. Цо элира: «Ваха а гІой, ала оцу халкъе: „Хезар ду шуна, амма кхетар дац шу. Хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша“. Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоІа, берах а хилла, кІант вийр ву, цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Оцу деношкахь ЯхІудан халкъ паргІат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Іийр бу. ГІалин цІе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“». Нах цигахь кхерам боцуш бехар бу, иза хІаллакйо кхоллам кхин кхочур бац Ярушалайм-гІалина. Цо кІант вийр ву. Цуьнан цІе Іийса тиллалахь, хІунда аьлча Цо Шен къам къинойх кІелхьардоккхур ду». И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тІера дешнаш иштта дара: «ЙоІстага, берах а хилла, КІант вийр ву, Цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду». Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Іийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц, Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хІоранна а хилийтархьама. Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргІат а доху.
Выбор основного перевода