Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш Іебар доцу а, сутара а жІаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Іуй бу: массо а шен новкъа дІавирзина ву, хІора а шена пайда лоьхуш ву. Вайн Іуйшкахь кхетам кІезиг бу – уьш Везачу Элах дага ца бовлу. Цундела царна тІера беркат дІадирзина, церан массо а жа дІасадаьржина. Ткъа шу, церан Іуй, узарш а деш, делха! Шайн лазарш бахьана долуш лаьттахь керча! ГІайгІанаш а еш, лаьттахь керча! Шу дайа деза йолу хан тІекхаьчна. Кегйина еза пхьегІа санна, шу дІасакхиссина а, охьаэгна а Іохкуш хир ду. Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагІий санна, дара. Церан Іуша, нийсачу новкъа тІера дІа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дІасалаьхкинера уьш. Лам тІера гунна тІе довлуш, шайн Іаш йолу меттиг а йицйина, дІасалелара уьш. «Адаман кІант! Соьгара хаам бе Исраилан халкъан хІинца пайхамаралла деш болчу харцпайхамаршка. Шайн дегнашкара харцпайхамаралла деш болчаьрга иштта ала: „ЛадогІа Везачу Элера болчу хааме!“ Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тІаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хІума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн. Хьан пайхамарш, Исраилан халкъ, къапалгашна юкъахь уьдуш лела чангІалкхаш санна бу. Шу дІа ца хІиттина гІалин пенан йохийначу меттигашна улло, Исраилан халкъан дуьхьа уьш тоярхьама, Везачу Элан дийнахь тІом бечу хенахь гІалин пен латтийтархьама. Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тІе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш! Даьсса суьрташ-м ца гина те шуна, иштта харцахьа пал-м ца тийсина те аша, ‘Везачу Эло иштта боху’ а олуш, Аса хІумма а аьлла доццушехь?“ Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла. Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таІзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цІераш Исраилан халкъана юкъахь дІаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богІур бац. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла. Иза иштта билггал хир ду, хІунда аьлча цара Сан къам Іехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тІе кир тоьхча санна хуьлу. Цу пенна тІе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дІахаийта. ЧІогІа догІа а догІур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тІе а хьокхур бу. И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХІун хилла аша цу пенна тІе тоьхначу кирах?’“ Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгІазаллица чІогІа догІа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хІума а хІаллакдархьама. Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тІекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кІелахь шу хІаллакьхир ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Ас Сайн оьгІазалла цу пенна а, цунна тІе кир тоьхначарна а тІеерзор ю. ТІаккха Ас эр ду шуьга: ‘Пен кхин бац, иштта цунна тІе кир тоьхнарш а бац – машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. «Адаман кІант, исраилхойн Іушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Іуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо! Аша уьстагІийн шура молу, церан тІергІах йина хІуманаш шайна тІе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагІашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до. «Шу – Сан уьстагІий долу адамаш ду, Сан дежийлашкара уьстагІий. Ткъа Со шун Дела ву». Иштта боху Хьалдолчу Эло. УьстагІий эцначара, дохко ца бовлуш, уьш дойу, ткъа уьш духкучара боху: „Декъала ву Веза Эла, со хьал долуш хилла!“ Церан-шайн Іушна а царах къа ца хета. Декъаза ву Сан телхина Іу, жа дуьтуш волу! Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бІаьргана а тухийла. Цуьнан куьг кхоччуш заьІап хуьлда, аьтту бІаьрг а кхоччуш бІаьрса доцуш буьсийла». Ткъа йолах волу Іу, и уьстагІий шен долахь ца хиларе терра, борз йогІуш шена гича, жа а дуьтий, дІаводу. Еанчу барзо и уьстагІий хІаллак а до, уьш дІай-схьай а даржадо. И Іу дІаводу, ша йолах Іу волу дела а, шен оцу уьстагІийн бала а боцу дела а.
Выбор основного перевода