Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара. Везачу Элан даше ладогІа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тІедиллиначуьнга ладогІа, Іаморера халкъ! Аша боху: «Іожаллица берта дахана тхо, эхартаца а барт бина оха. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, иза тхуна тІе кхочур дац, хІунда аьлча оха харцонах тхайн дІалечкъийла йина, ткъа мекарлонах тхо къайладахаран меттиг йина». Оцу махкахь цхьа инзаре а, къемате а хІума хилира: Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гІаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Іуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тІеман маьхьарий, Цу шина пайхамаро Исраил-махкахь дегаза гІуллакхаш дора: шайн уллорачеран зударшца хьарам лелара, Сан цІарах хаамаш бора, Аса шайна и хаамаш ца беллехь а, уьш харцхаамаш белахь а. И хІума Суна хууш ду, Со цунна теш а ву“, – боху Везачу Эло». Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гІайгІанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тІера дІа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кІелхьардаха тарлуш хилахь а.
Выбор основного перевода