Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара – малхбалехьара а, малхбузехьара а, къилбаседехьара а, къилбехьара а. Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дІакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатІрус-махкара а, Хуша-махкара а, Іейлам-махкара а, ШанІар-махкара а, Хьамат-гІалара а, хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. Везачу Эло кхечу къаьмнех болчу нахана байракх хьалаойур ю, шайн махкара дІалаьхкина исраилхой схьагулбийр бу, Ша дІасабаржийна яхІудхой дуьненан еа а маьІІера схьакхойкхур бу. Эпрайман хьагІ а дІаер ю, ЯхІудан мостагІалла дІахедар ду. Эпрайман ЯхІуде хьагІ хир яц, ЯхІуда Эпраймана мостагІалла лелор дац. Эпрайман а, ЯхІудан а къам, малхбузехьа а дахана, пІелаштамхошна тІелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Іамминан халкъ муьтІахь хир ду цушинна. Мисаран хІордана хи чукхета меттиг якъор ю Везачу Эло. Морцучу мохаца Цо, тІехула Шен куьг а лаьцна, Эпрат-хи, ворхІ татол а дина, доькъур ду. Цу татолех, кІархаш а буьйхина, дехьавалалур ву. ТІаккха Ашур-махкахь дисинчу Цуьнан халкъан декъана боккха некъ хир бу, ша Мисар-махкара арадолучу хенахь Исраилан халкъана иза хиларе терра. Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. Хьалдолчу Эло боху: «Ас-Айса Сайн уьстагІий схьа а лохур ду, Со цаьрга хьожур а ву. Шен дІасадаржийна долчу уьстагІашка Іу ма-хьажжара, хьожур ву Со цаьрга. Ас уьш паргІатдохур ду Іаьржачу кхоьлинчу дийнахь уьш дІасадаржийна хиллачу меттигашкара. Ас къаьмнашна юкъара а, мехкашкара а схьа а гулдина, шайн лаьтта тІе схьадалор ду уьш. Исраил-мехкан лаьмнашкахь а, хин Іоврашна уллохь а, адамаш лаьттахь массо а дехаш йолчу меттигашкахь Іалашбийр бу Ас уьш. Аса дикачу бай тІехь Сайн уьстагІий дажор ду, ткъа Исраил-мехкан лекхачу лаьмнашкахь царна дежийлаш хир ю. Цигахь уьш дикачу дежийлашкахь садоІуш хир ду, ткъа Исраил-мехкан лаьмнашкахь, токхечу бай тІехь, уьш дежаш а лелар ду. Со-Со хир ву Сайн уьстагІий дажош а, цаьрга садоІуьйтуш а». Иштта боху Хьалдолчу Эло. «Ас байна уьстагІ схьалохур бу, тилабелларг юхаберзор бу, лазийначун чов дІайоьхкур ю, цомгушчунна дарба дийр ду, амма берстина а, нуьцкъала а уьстагІ буьйр бу. Ас нийсонца дажор ду Сайн жа». Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара».
Выбор основного перевода