Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Аса хІокху лаьтта тІехь даха дуьтур ду шу. ХІара латта Аса шун дайшна дІаделла ду, церан тІаьхье абаденналц цу тІехь яхийта. Цул тІаьхьа Сан цІе лелош долчу цІийнан керта тІе а догІий, Суна хьалха дІахІуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ – бохуш. Массо а и дегаза хІуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна? Суна вон хеташ долу хІума дина ЯхІудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. Шайн бераш шайн цІушна сагІина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цІа чохь. Цуьнан пайхамарш ларамаза а, ямарта а бу. Цуьнан динан дайша дезаниг сийсаздоккху, товрат-хьехам шайна пайда болчу агІор хуьйцу цара.
Выбор основного перевода