Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, мацалла хІоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тІехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьІІехула дІасалохкур бу“. – Ас, омра а дина, Исраилан халкъ массо а халкъашна юкъахь дІасадаржор ду, цецана чу дожош долу буьртигаш санна, амма царах цхьа а вониг лаьтта ца бужу. Цул тІаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агІор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьІІера хьоькху биъ мох дІалаьцнера, иза я лаьттана тІе, я хІордана тІе, я цхьанна а диттана тІе ца бахийтархьама.
Выбор основного перевода