Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. ЦІадукъ-ЯхІун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦІадукъ-ЯхІун ненан цІе Хьамутал яра. Иза Либна-гІалара Ярми-ЯхІун йоІ яра. Оцу дийнахь Везачу Эло юха а Шен куьг дІакховдор ду Ашур-махкара а, Мисар-махкара а, ПатІрус-махкара а, Хуша-махкара а, Іейлам-махкара а, ШанІар-махкара а, Хьамат-гІалара а, хІордан йистехь дехаш долчу къаьмнашкара а Шен халкъах дисина дакъа, мах а бина, юхадало. Зимарера а, Іейламера а, Мадайгара а паччахьашка а; Оццу шарахь, яхІудхойн паччахьо ЦІадукъ-ЯхІус олалла дечу дуьххьарчу заманахь – доьалгІачу шеран, пхоьалгІачу баттахь цуьнан паччахьаллехь – ГавІонера пайхамар волу Іазуран кІант Хьанан-ЯхІу соьга вистхилира. Везачу Элан цІийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхІус соьга элира: Цигахь Іейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тІемалой хІаллакьхилла тІамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Іадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьІаьржо лаьтта буха богІучаьрца цхьаьна яхьа. Сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь пачхьалкхан Іейлам олучу декъа тІера Шушан-гІалахь Улай-хин йистехь со лаьтташ волуш гира суна.
Выбор основного перевода