Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, юха а вирзина, Хьацор-гІала схьа а яьккхина, цуьнан паччахь вийра ЮшаІа. (Хьалха Хьацор-гІала массо а цу пачхьалкхийн уггар а нуьцкъала гІала хилла.) ХІоразза а исраилхоша хІума дІайийча, маданхой а, Іамалекхахой а, иштта малхбалехьа Іаш долу къаьмнаш а, схьа а догІий, царна тІелетара. Эпрайман а, ЯхІудан а къам, малхбузехьа а дахана, пІелаштамхошна тІелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Іамминан халкъ муьтІахь хир ду цушинна. Хьалдолчу Эло элира соьга: «ТІелаьцна болх баран шераш юкъа а лоцуш, цхьа шо далале, Къедаран тайпанан сийлалла ерриг а чекхъяьлла хир ю. Къедархойн майра тІемалой болчу Іадкхуссурхойх кІеззиг берш бен дийна буьсур бац», – боху Исраилан Дела волчу Везачу Эло. Даха а гІой, Хитаман гІайренаш тІехь а хьовса, иштта Къедар-гІала стаг а вахийтий, цигахь а талла, хІоьттина цигахь шу долчохь долу хьал. Шу иштта леларна Аса шу малхбалехьарчу нахе дІалур ду. Цара шун латта дІалоцур ду, церан эскарша шун лаьтта тІехь шайн меттамотт дІахІоттор бу, уьш шуна юкъахь баха а ховшур бу, шун стоьмаш а бууш, шун шура а муьйлуш. Ас и мохк, Іамминхошца цхьаьна, малхбалерчу халкъашна дІалур бу, кхечу къаьмнашна Іамминхой кхин дага а ца бахкийтархьама. Іаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хІуманашна дуьхьал Іахарий а, кой а, гезарий а луш.
Выбор основного перевода