9
Цул тІаьхьа со дІахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Іаршана хьалха а, Іахарна хьалха а лаьтташ. Царна тІехь кІайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара.