Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даддан-гІалане а, Тейма-гІалане а, Буз-гІалане а; шайн гиччош тІера месаш лоргуш мел долчу къаьмнашка а; Цо тІелаьцна балийна болу тІемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дІагІур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хІунда аьлча церан Іожаллин де тІекхаьчна, царна таІзар хуьлу де ду тІедеанарг. ДІадовда, сихха дІагІо кхузара, Хьацоран бахархой, бердашна юкъахь дІаловчкъа, – боху Везачу Эло. – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шуна тІелата сацам бина. Шу муха дуьхьалдевр ду цунна, хІара ойла йина. «Хьо чІогІа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. – ТІекхаьчна хьуна таІзар дан деза хан.
Выбор основного перевода