Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тІаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кІех а, керлачу чагІарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тІехь. ХІинца ладогІа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Іаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Іаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“. Дуккха а денош дІадевллачул тІаьхьа хьо тІом бан тІекхойкхур ву. Хинйолчу заман чохь хьо тІом бинчуьра юхаметтахІоьттинчу махкана тІегІуртур ву. Дуккха а къаьмнашна юкъара оцу мехкан нах гулбинера еххачу хенахь даьсса лаьттина долчу Исраил-мехкан лаьмнашка. Оцу мехкан халкъ кхечу къаьмнашкара арадаьккхинера, ткъа хІинца уьш массо а кхерам а боцуш цу лаьтта тІехь дехаш ду. Ахьа эр ду: ‹Со ваха а вахана, чІагІйина йоцучу гІаланашна тІелетар ву. Уьш маьрша бехаш бу, шайна цхьа а кхерам бац бохуш, церан я пенаш а дац, я гІорашца къовлуш долу кевнаш а дац.
Выбор основного перевода