Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мисар-махкарчу а, ЯхІуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Іаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тІера месаш лоргуш болчу нахана тІехь Аса таІзар дийр ду, хІунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тІаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю». Даддан-гІалане а, Тейма-гІалане а, Буз-гІалане а; шайн гиччош тІера месаш лоргуш мел долчу къаьмнашка а; Иштта, мацалла хІоьттинчу хенахь дайша шайн бераш дуур ду, ткъа бераша шайн дай буур бу. Ас йийр ю шуна тІехь кхел, ткъа бисинарш массо а маьІІехула дІасалохкур бу“. Ас паччахьна уллохь мел верг – цуьнан тІеман хьехамчаш а, цуьнан дерриг эскар а – массо а маьІІехула дІасалоллур ду, ткъа Со баттара даьккхинчу туьраца тІаьхьавер ву царна. Иштта, Ас шаьш кхечу къаьмнашкахула дІаса а даржийча, кхечу мехкашкахула дІаса а кхийсича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Ас, царна тІехь толам а баьккхина, церан массо а хІума хІонс санна дІахьур ду. Аса тІом бийр бу йохийначуьра юхаметтахІиттийначу гІаланашна дуьхьал, кхечу къаьмнашкара гулдинчу халкъана дуьхьал а. Оцу халкъан даьхни а, бахам а бу, иза дуьненна юккъехь Іаш ду›.
Выбор основного перевода