Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан а, паччахьан а цІенойн хазнаш чуьра дети а, деши а, схьа а эцна, Дамасакхехь Іаш волчу Арам-мехкан паччахьна Бен-Хьадидана дахьийтира Аса-паччахьо. Цо Бен-Хьадиде бохура: КІаркамиш-гІалина динарг Хална-гІалина ца дина те? Арпад-гІалина динарг Хьамат-гІалина ца дина те? Дамасакх-гІалина динарг Шамран-гІалина ца дина те? ХІара бу Дамасакх-гІаланах лаьцна болу хаам. «ГІаланаш юкъара дІайоккхур ю Дамасакх. Йоха а йина, херцораш бен юьтур яц цунах. Мичахь бу Хьамат-гІалин а, Арпад-гІалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм-гІалин деланаш? Шамран-гІала а кІелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? Іеса нах ловзабаьлла хІорд санна бу. И хІорд дІа ца тоь, цуьнан хиша сазз а, хатт а аратуьйсу. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира. Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара ГалІад-гІала аьчка гІирсаца эрина.
Выбор основного перевода