Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Нагахь санна уьш, хьан карара дІа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хІуъа хилахь а, дІамер бу и кад!“ Со Сайн цІе лелош йолчу гІалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таІзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тІехь мел болчу нахана таІзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Кхел яран хан герга кхаьчна. Делан доьзалера нахана тІера йолалур ю иза. Ткъа вайна тІера иза йолалуш хилча, Делан Кхаъ тІе ца эцначу нахана хІун таІзар хир ду?!
Выбор основного перевода