Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». ЛадогІа хІокху схьайогІучу гІовгІане! Мохк бегош санна йолу гІовгІа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхІудан гІаланех яьсса аре йийр ю, царах чангІалкхийн баннаш хир ду. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Ас, – боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, – Муаби-мохк, Седам-гІала санна, хир бу, ткъа Іамминхой, Іамор-гІала санна, хир бу. Церан латта шена тІехь туьхан оьрнаш долу а, ниттийн долахь йолу а яьсса аре хир ю гуттаренна а. Сан халкъах бисинчара оцу нахах шайна хІонс схьаоьцур ю, ткъа церан латта Сан долчу халкъах дийна бисинчарна кхочур ду». Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хІаллакбийр бу. Нунав-гІаланах, яссийна саьлнаш а йина, гІум-аре санна, екъа меттиг йийр ю. Цигахь царна юккъехь жаш а, бежанаш а, массо а тайпана дийнаташ а хир ду лелаш. Куьйра а, зу а хир ю цуьнан бІогІамашна тІехь буьйсанаш йохуш. Церан аьзнаш корашкахь схьахезар ду. НеІсагІанашна тІехь къапалгаш Іохкур ю, ткъа баган-диттан дечиган ханнаш дІадаьхна хир ду. Иштта хилла дІахІуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гІайгІа йоцуш яьхна йолу и гІала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хІума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тІех мел волучо: «Жолам-яІ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.
Выбор основного перевода