Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛадогІа, лаьмнашкахь гІовгІа хезаш ю – адамийн йоккхачу тобанан гІовгІа! ЛадогІа, пачхьалкхашна юкъахь гІовгІа хезаш ю – къаьмнаш цхьаьнакхетаран гІовгІа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хІоттош ву, тІом бархьама. Нил-хина тІехула шайн векалш бохуьйту цу лаьтта тІера, ткъа уьш эрзах динчу хинкеманаш тІехь хишна тІехула лела. ТІах-аьлла векалш, дІадуьйлало! Лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъана тІе гІо! Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагІий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Церан баьччанаш а, векалш а мисархойн ЦоІан-гІалина а, Хьанас-гІалина а тІекхаччалц белахь а, Бавелна го а бай, тІамана кечло. СекхаІедаш кхуьссурш, гІалехьа дІахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хІунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна. Іабди-ЯхІу-пайхамарна сурт хІоттар. Хьалдолчу Эло иштта бохура Эдоман халкъах лаьцна. Везачу Эло хІара хаам бира тхоьга, тІаккха оха геланча вахийтира, и хаам халкъашна дІахазийра: «ХьалагІовтта, Эдомана дуьхьал тІом бийр бу вай!» – аьлла. «Ас къаьмнашна юкъахь жиманиг дийр ду хьох, цундела хьо лорур дац цара. Хьо хьайн деган куралло Іехийна. Хьо дехаш ду лекхачу меттехь, тархийн хераллашкахь. Ахьа хьайн дагахь боху: „Мила вара со лаьтта доссо?“ Нагахь, аьрзу санна, лакха хьала а даьлла, седарчашна юкъахь ахь хьайна бен бича а, Ас хьо цигара а охьакхуссур ду», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода