Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна, иштта къедархой санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а. Сан Іаьржачу басе ма хьежа – малхо еттина со. Сан ненан кІенташа, суна оьгІаз а бахана, кемсийн бошмаш ларъян хІоттийна со, ткъа сайн кемсийн беш ас лар ца йина. Кхаш тІе а ма гІо, некъа тІе а ма довла: мостагІчун тарраш а, боккха кхерам а бу гонах. Амма шолгІачу дийнахь, буржалш дІа а даьхна, Пашихьура иза дІахийцира. Ярми-ЯхІус цуьнга элира: «Везачу Эло хьан цІе Пашихьур аьлла ца тиллина, амма Массанхьа а долу къемат аьлла тиллина. Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гІалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагІаша боху: «Иза Іехо мегар ву. ТІаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу». Уьш, кхера а белла, юхабевлла хІунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агІор къемат ма ду царна тІегІерташ, – боху Везачу Эло. –
Выбор основного перевода