Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа оцу дезачу цІийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца а, веларца а хаттар дийр ду: „И хІунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цІенна а?“ Везачу Элан оьгІазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГІалина уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича. Бавел тІулгийн оьла хилла дІахІуттур ю, цунах чангІалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац. дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘СеІир-лам, Со хьуна дуьхьал ву. Ас Сайн ницкъ хьуна тІе а берзор бу, хьох бассийна а, бохийна а мохк бийр бу. Ас СеІир-лам, шена тІехь цхьа а адам ца дуьтуш, бассор бу, Ас цу лам тІе воьдург а, цигара юхавирзинарг а хІаллаквийр ву. Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гІаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тІаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода