Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Кестта Аса дуккха а чІерийлецархой хьажор бу цига, – боху Везачу Эло. – Цара и нах схьалоьцур бу. Цул тІаьхьа Аса иччархой бохуьйтур бу, цаьрга и нах массо а лаьмнашкара а, гунаш тІера а, тархашна юккъехь йолчу хераллашкара а дІабахийта. Уьш, кхера а белла, юхабевлла хІунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агІор къемат ма ду царна тІегІерташ, – боху Везачу Эло. – Іадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, – боху Везачу Эло. – Іадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хІунда аьлча Ас Муаби-махкана тІе таІзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. – qac Пqac*аргІат мохь хьоькхура царна тІе: «ДІасахила, Далла хьалха бехделларш! Тхох ма хьакхало!» – бохуш. ТІаккха уьш, боха а бухий, дІасабовлура. Ткъа наха шайна юкъахь олура: «Уьш кхин хир бац вайна юкъахь».
Выбор основного перевода